Цундела, гIурба дейта лууш волчунна мелехь ду гIурбанан беттан хьалхарчу итт дийнахь шен мас а, мIара а ца хадор, гIурба дийна даллалц. Оцу суннатан хан дIайолало зул-хьидджа беттан доьххьаралера дийнахь, иза чекхйолу цу беттан иттолгIачу дийнахь гIурба дерца, йа цу дийнахь ца дийнехь цул тIаьхьадогIучу кхаа дийнахь гIурба дерца.
ГIурба доьйтуш воцучунна суннат дац мас-мIара ца хадор, иштта суннат дац иза хьаджана ихьрам дехка кечлуш волчунна а.
???? ПIераскан де (02.08.2019) хьалхара де хила мегаш ду Зул-Хьидджат беттан.