Добро пожаловать на D1alac.com.
  1. #1
    Аватар для Gogi

    Статус
    Оффлайн
    Сообщений:
    592
    Лайк/Унлайк
    Получено: 4,416/95
    Отдано: 93/10

    ГIурба ден ниййат долчунна суннат ду мас а, мIара а ца хадор

    ГIурба ден ниййат долчунна суннат ду зул-хьидджа беттан хьалхара итт де дIадоладелча мас а, мIара а ца хадор, ша гIурба дийна валлалц. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Зул-ХьидджахI бутт болалуш (стиглахь) шайна бутт гича, шух цхьаъ гIурба ден лууш хилахь, шен мIара а, шен мас а ма хадайойла цо». Муслим.



    Цундела, гIурба дейта лууш волчунна мелехь ду гIурбанан беттан хьалхарчу итт дийнахь шен мас а, мIара а ца хадор, гIурба дийна даллалц. Оцу суннатан хан дIайолало зул-хьидджа беттан доьххьаралера дийнахь, иза чекхйолу цу беттан иттолгIачу дийнахь гIурба дерца, йа цу дийнахь ца дийнехь цул тIаьхьадогIучу кхаа дийнахь гIурба дерца.

    ГIурба доьйтуш воцучунна суннат дац мас-мIара ца хадор, иштта суннат дац иза хьаджана ихьрам дехка кечлуш волчунна а.

    ???? ПIераскан де (02.08.2019) хьалхара де хила мегаш ду Зул-Хьидджат беттан.

 

 

Информация о теме

Пользователи, просматривающие эту тему

Эту тему просматривают: 1 (пользователей: 0 , гостей: 1)

Ваши права

  • Вы не можете создавать новые темы
  • Вы не можете отвечать в темах
  • Вы не можете прикреплять вложения
  • Вы не можете редактировать свои сообщения
  •  
Вверх